ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каирехь лачкъийна бигина дагестанхой латто меттиг евзина


Каирехь лачкъийна бигина 18 дагестанхой "Матар Кадим" аэропортан декъа тIехь карийна. Лачкъийначех цхьаннан гергарчо Байсултанов Гусейна бина и хаам.

"Шира аэропорт ю иза. Цу чохь жавазат ю (паспортан бюро), циггахь ду депортацин дакъа а", - аьлла Байсултановс. Мисарара кху бIаьста Оьрсийчоьне схьавеллачу Хьасан цIе йолчу стага дийцина оцу аэропортах. Ишта Хьасана тIечIагIдина, оцу депортацин набахтехь шен берашца а, хиллачу мардеца Алигаджиев Асанца а, кхечу лецначаьрца а 31 шо долу Байсултанова Сакинат а яра аьлла. Хьасана дийцарехь, даим а хеттарш дора цаьрга, амма тIехь ницкъ бина бацара.

"Массо а цхьана меттехь бара уьш. ДIалоьцучу хенахь йиттина хилла царна. Сакинатах пIелг ца Iоьттинера", - аьлла даржийна Хьасана мессенджершкахь баржийначу хаамехь. Лачкъйина дIабигинчарех цхьаберш цомгуш бара. Гергарчу хенахь Мисаран къайлаха сервисаш уьш Оьрсийчу дIахьовсо Iалашо йолуш бара, боху Хьасана.

Зазадоккхучу а, Охан а беттанашкахь Дагестанера схьаваьлла 18 вахархо тIепаза вайра Каирехь, шайлахь ах кегий бераш а долуш. Къайлахчу сервисаша мича буьгу а ца хоуьйтуш, къайлабаьхнера уьш.

Байсултанова Сакинате хиттинера, цара бахарехь, Шемарчу тIамехь дакъа лоцуш хилла бохучу цуьнан цIийнда лаьттинчу Алигаджиев Ахьмадах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG