ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасу-юьртара базар дIаяккхарх йист ца яьлла гIалин куьйгалхошца цхьанакхетар хилча а


Оршотдийнахь Хасу-юьртара йохка-эцаран базар дIахьакхарна дуьхьалбевллачу тобанхошца цхьанакхетар хилла меттигерчу администрацин куьйгалхойн. Амма ша проблемех йист яьккхина яц хIинца а. "Администрацин гIовсаша итт стаг тIеэцнера тахана. "Некъа тIехь мах беш дита тхо" доцург, кхи цаьргара хезаш хIуммаъ дац", - аьлла, яздо "Дагестанан кегийрхой" газетано, Хасу-Юьртан администрацин пресс-гIуллакххошна тIе а тевжаш.

ГIалин Iедалша рагIуш дIахьакхар цIеяларан кхерамашца а, адамийн бакъонаш Iалашъярхьама, гонахара Iалам садаIа а, ваха а цIена хилийтархьама а ду аьлла гулбеллачаьрга.

Йохка-эцар лело рагIуш дIахьаькхначул тIаьхьа оцу бахархошна кхечу гIалин йохка-эцаран центрашкахь а, яккхийчу базаршкахь а меттигаш луш бу. Амма шаьш марзделла меттиг дIатаса реза ца хуьлу уьш.

Оршотдийнахь Хасу-юьртарчу администрацина хьалха гулбеллера бедарш юхкучу базарара 40 йохкархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG