ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ненах дIатоьхна 8 шо долу йоI


Шен йоI шех схьатохар доьхуш, Нохчийчоьнан прокуратуре арз динера меттигерчу нанас. Талламаша гучудаьккхина, и йоI дуьненчу яьллачу дийнахь дуьйна шен нанас лелош хиллийла. Бутт хьалха зудчун хиллачу марзхоша шайга йигинера йоI, цул тIаьхьа юхаяло дуьхьал а хуьлуш.

Бутт сов зама хиллера йоI школе ца оьху а. Цул совнаха, документаш тIехь оцу йоьIан да билггал кхеран стаг ву аьлла, билгалдаьккхина а ца хилла. Куьрчалан кIоштан полисхой а, прокуратурна белхахой а, берашна тIехь Iуналла латто органаш а орцах а бевлла, цу дийннехь йоI шен ненах дIатоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG