ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сиржа-эвлахь заьIап берашна реабилитацин центр йина яьлла


100 инвалидна-берана дарба латто аьтто а болуш, лерина реабилитацин центр йина яьлла Сиржа-эвлахь. Стохка гурахь йолийнера иза хьалаян.

Интернатан хIусаман кепехь, бераш шайн дайшца-наношца хила йиш а йолуш ю и центр. Иштта торо хир ю, дийнахь дарбан, реабилитацин курс чекх а йоккхуш, сарахь шайн доьзалш цIа бига а. Масех блок ю оцу хIусамна юкъа йогIуш: медблок, стационар, реабилитацин блок. Иштта ловзарийн чоьнаш а ю, гидромассаж еш бассейн а. Сиржа-Эвлахь схьайиллинцу центро белхан меттиг лур ю 200 вахархочунна.

Могушаллин министраллан зерашца, Нохчийчохь 41 эзар заьIап бер ду. Ткъа йоллу республикехь болх беш цу кепара шиъ бен яц реабилитацин центр: Соьлжа-гIалахь а, Устрадехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG