ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин президент вуьсур аьлла дIакхайкхийначу астрологна гIуда тоьхна


Оьрсийчоьнан харжамийн компани йоьдучу хенахь, оцу харжамашкахь толам хьангахь хир бу Iорадоккхуш прогноз зорбане яккхарна Приморскан кIоштахь "Роскомнадзоро" гIуда хьарчийна астрологах Ремпель Александрах. Шен йозанашкахь цо яздинера, 2018-чу шарахь Путин Владимир хирг хиларх Оьрсийчоьнан президент.

PrimaMedia агенталло яздарехь, Ремпелан социалан машанерчу агIон тIехь а, "Джентри" газетехь а зорбане баьккхинера и хаам. Шена гIуда тохарх астролога дийцина Фейсбукерчу шен пена тIехь.

Цо бахарехь, астрологин прогнозаш йовзийтарехь бехкамаш буй ца хууш хилла цунна.

Иштта Ремпеля билгалдаьккхина, Путинан толамах хиндерг яздеш, ша Роскомнадзорах а астрологин прогноз хIоттор ю аьлла, чIагIо йинера аьлла.

Оьрсийн низамашца а догIуш, кхаьжнаш тийса пхи де дисинчу хенахь а, харжамаш боьлхучу дийнахь а дихкина ду юкъараллехь бина хаттам а, харжамийн жамIех а зорбанашкахь дийцар.

Оршотдийнахь 4-гIа Оьрсийчоьнан президентан дарже хии Путин Владимир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG