ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан керла премьер-министр ву


Эрмалойчоьнан Къоман собранехь 42 кхожахо дуьхьал а волуш, 59-ммо цхьабоса куьйгаш а айдеш премьер-министр хаьржина протестхойн боламан хьалханча Пашинян Никола. Цуьнан кандидатура тIечIагIйира "Елк", "Царукян", "Дашнакцутюн" фракцеша, иштта цхьа могIа Эрмалойчуьрчу Республиканхойн партин депутаташа а.

Премьеран дарже вогIучу Пашинянна 105 стаг хаалучу эрмалойн парламентерчу 53 депутатан кхаж оьшура. Дуьххьара Пашинянан аьтто ца хилира тоъал кхаьжнаш гулдан, карарчу беттан хьалхарчу дийнахь цуьнгахьа кхаьжнаш теснера 45 депутато, РПА фракцин 56 депутато дуьхьало а еш. Цу тIехула махкахь юха а жигаръевлира протестан акцеш.

Республикан майданахь гулбеллачу иттанаш эзарнашкахь бахархойн аьтто бара шинарийдийнахь йиллинчу эфирехь тергоян кхаьжнаш тасарна тIехь.

Доккхачу хазахетарца тIеэцна цара Пашинян Никола керла премьер-министр хIоттор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG