ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iожалла йоцу полк" вовшахтухуш ю Соьлжа-гIалахь


Соьлжа-гIалахь вовшахтухучу "Iожалла йоцу полк" акцехь кху шара дакъалоцур ду 10 эзар стага. Шахьаран коьртачу урамашкахула – Путинан а, Кадыровн а проспекташкахула чекхбевр бу бахархой

"10 эзар декъашхо хир ву аьлла хета тхуна, амма дахначу шерашкахь гайтаре терра, дуккха а сов нах бовлу цу акцехь дакъалаца лууш. ХIора денна телефонаш етта тхоьга оцу боламе бахкалуучара", - аьлла, хаамбина ТАСС агенталле кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхочо Ибрагимов Iийсас.

Толаман дийнахь Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а вовшахтуху юкъараллан акци ю "Iожалла йоцу полк". Цуьнан декъашхоша карахь хьо тIамехь дакъалаьцначу шайн гергарчийн суьрташ.

2007-чу шарахь дуьххьара Тюменехь хIоттийра и акци. ХIетахь "Толамхойн парад" цIарца дIаяьхьира и. 2012-чу шарахь Томскехь "Iожалла йоцу полк" аьлла, цIе хийцира, тIаьхьо кхи а 120 оьрсийн гIаланашкахь яржийра и акци.

XS
SM
MD
LG