Оршотан буса Советан Союзан маршалан Конев Иванан Прагерчу хIолламна тIе басар доьттина муьлш бу цахуучу наха. Маршо Радион корреспонденто бина и хаам. Чехийн маттахь куьйгаяздина йоза дитина "Цкъа а герз тоьхна воцург" ("Ten, ktery nikdy nevystřelil") аьлла. 1945-чу шарахь Прага маьршайоккхуш куьйгалла динарг Конев ву аьлла дуьйцу Советан истриографехь.
Ткъа кху заман историкаша, Коневс урхалла ден 1-ра Украинан фронтан эскарш Прага паргIатъяьккхинчул тIаьхьа чудеана лору. ШолгIа дуьненаюкъара тIом боьрзучу заманчохь, 9-чу дийнахь Дрезденера Праге Маршал Конев шен дакъошца чукхаьчча, гIаличохь СС-н масех тоба бен ца йисинера. Вермахтан эскарша гIала дIатеснера, Стигалкъекъа-беттан 8-чохь Прагерчу гIаттамхоша урхалла а деш, машаран кехаташна куьйгяздарна, эскарш юха а довлуш.