ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан даржан хан яхъян лууш ю Нохчийчуьра парламент


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу парламенто кечйина Оьрсийчоьнан президентан даржехь йокккху хан яхъярца доьзначу низаман проект. Гергарчу кхеташонехь иза Пачхьалкхан Думе кховдорах лаьцна сацам тIеоьцур бу меттигерчу депутаташа.

Цара кховдийнарг ду цхьана стеган бакъо хила еза, юкъах а ца волуш, кхузза президент хила аьлла, Конституцина тIехь хийцам бар. Иза хир ду кхана, Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь.

Оханан-беттан 13-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, Путин Владимир президентан даржехь кхин дIа а вита веза аьлла. «Карарчу хенахь волу президент могуш-маьрша мел ву, вай ойла ян ца еза кхечу пачхьалкхан куьйгалхочух лаьцна", - бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG