Москох Пресненски кIоштан кхело шинарин дийнахь юха а яхйина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Украинехь векал хиллачу Цицулаев Рамзана чохь йоккху хан.
Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, кхелан зорбанан секретаро Черников Алексейс аьллачунна тIе а тевжаш.
Цицулаев талламан изоляторехь латтор ву Марсхьокху-беттан 11-гIа де тIекхаччалц. Иза бехке веш ву 4 зулам деш дакъалацарна. Царна юкъахь ду Iедалан векална ницкъ бар а, бозбунчалла лелор а, адам лачкъор а, ницкъ а беш, ахча даккха гIортар а.
Цуцулаев лаьцна латтош ву Москох. Иза воцург цу бехктакхаман гIуллакхана юкъахь ву кхин а 9 стаг.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!