ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу берана тоьхна зуда чуйоьллина ПетарбургIан кхело


ПетарбургIан кхело хан тоьхнарг ю 30 шо долу меттигера яхархо Федорова Надежда, хаам бо 1tv.ru сайто. Стохка Гезгмашин-баттахь цо гайх мийра тоьхнера кхо шо долчу жимачу кIантана.

34 шо долу Худайкулова Барно хилла берийн майданехь шен кIант ловзийта араяьлла. Оццу меттехь жIаьала доладалийта араяьлла Федорова. Худайкуловас жIаьла даIадаккхар дехка цуьнга бераш ловзучу майданера, шен могуш воцу кIант иммунитетца халонаш хьоьгуш ву аьлла.

Жоп луш Федоровас цкъа дуьххьара нанна а тоьхна, юха тIекхоссаелла гайх мийра тоьхна жимачу берана. Хилларг дIаяздина видеокамераша.

Бер еза цамгар ловш хилла. ДаьӀахкан тIум хуьйцуш масийтта операци йина а хилла цунна. Федоровас мийра тоьхначу меттехь дегIана молха луш йолу катетер йиллина хилла цуьнан.

Стигалкъекъа-беттан 6-чу дийнахь Федорована цхьа шо колонехь даккха хан тоьхна кхело. Цуьнан дезар ду 500 эзар сом гIуда такха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG