ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь 1200 тIемало а, церан доьзалш а арабевлла Ярмукера


Шема -- Ярмук олучу Палестинера мухIажираш дIатарбина хилла меттиг ю йогуш, кеманаш бомбанаш а йиттина. Оханан. 27, 2018.
Шема -- Ярмук олучу Палестинера мухIажираш дIатарбина хилла меттиг ю йогуш, кеманаш бомбанаш а йиттина. Оханан. 27, 2018.

Шемахь Ярмук олучу Палестинера мухIажираш дIатарбинчу меттигера дийнахь-бусий шайн доьлашца цхьаьна араваьлла 1200 тIемало. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарло Евтушенко Юрийс.

Цо дийцарехь, автобусашца и нах дIабигна Алеппо провинцин къилбаседехьарчу эвланашка.

Цул сов, цхьаболчу хаамашца, оппозицин тобанийн тIемалой арабовлуш бу "ХIомс" олучу гуманитаран коридор кхоьллинчу зонера а.

Цу Iалашонца цигахь Эр-Растан эвлан йистехь болх беш ю нах, таллам а беш, чекхбовлуьйту пункт. Цу пунктехула тIаьхьарчу цхьана дийнахь 3200 стаг чекхвьлла, боху Шемарчу Оьрсийчоьнан эскаран векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG