ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санатор Нарусова реза яц Нохчийчуьрчу парламентана


Нарусова Людмила.
Нарусова Людмила.

Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан конституцица доьзначу низамашкахула а, пачхьалкхан кеп хIотторехула а комитетан декъашхочунна Нарусова Людмилина оьшуш дац аьлла хета, Нохчийчоьнан парламенто Конституцина тIехь хийцамаш бар хьокъехь дуьйцург.

Цо билгалдаккхарехь, Нохчийчуьрчу парламенто кечйина Оьрсийчоьнан президентан даржехь йокккху хан яхъярца доьзначу низаман проект кечъяр догIуш доцу хIума а ду, иза хьажийначу стеган амаошца догIуш доцуш а ду.

Нохчийчуьрчу депутаташа кховдийнарг ду цхьана стеган бакъо хила еза, юкъах а ца волуш, кхузза президент хила аьлла, Конституцина тIехь хийцам бар.

Оханан-беттан 13-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, Путин Владимир президентан даржехь кхин дIа а вита веза аьлла. «Карарчу хенахь волу президент могуш-маьрша мел ву, вай ойла ян ца еза кхечу пачхьалкхан куьйгалхочух лаьцна", - бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG