ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирийн доьзалш вовшахкхетарх лаьцна низам тIеоьцуш ду Германехь


Архивера сурт.

Германин Iедалша кечйина цу пачхьалкхехь дозатоьхна тховкIело еллачу мухIажирийн доьзалш вовшахкхетарх лаьцначу низаман проект. Цунах лаьцна хаам бо Deutsche Welle зорбанан гIирсо.

Нагахь и документ къобулдахь, 2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна мухIажирашна бакъо лур ю шайн хIусамдай а, хIусамнаной а, бераш а Германе дIакхайкха. Да-нана дIакхайкха бакъо хир ю цу махкахь мухIажиран статус йолчу кхиазхойн а.

ХIора баттахь Германино тIеоьцур ву цу низамца цу махка вогIуш волу цхьа эзар стаг.

Парламентерчу оппозицин партешна ("Барт-90/ Баьццарнаш" а, Аьрру парти а) дукха дехкарш долуш хета и низаман проект. "Германина алтернатива" партера аьттохьара популисташ духьал бу иза тIеэцарна.

Германерчу прессо хаам барехь, цу махкахь дозатоьхна тховкIело елла 23 эзар мухIажир ву шайн доьзалш вовшахкхетарх лаьцна дехар чудала аьтто хиларе хьоьжуш.

2013-чу шарахь дуьйна цу тайпачу мухIажирийн гергарчарна 400 эзар виза елла Германино.

XS
SM
MD
LG