ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу парламенто кечйинчу проектан мах хадийна Госдумехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчоьнан парламенто кечйина Оьрсийчоьнан президентан даржехь йокккху хан яхъярца доьзначу низаман проектан мах хадийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь, хаам бо РИА Новости агенталло.

Цхьана стеган бакъо хила еза, юкъах а ца волуш, кхузза президент хила аьлла, Конституцина тIехь хийцам барх доьзна хаттар дерриг къам реза хилар оьшуш ду, боху Пачхьалкхан Думан конституцица доьзначу низамашкахула а, пачхьалкхан кеп хIотторехула а комитетан куьйгалхочуьнан когаметто Емельянов Михаила.

"Суна хетарехь, цу тайпа сацамаш тIеэца беза дикка бийцаре бинчул тIаьхьа а, дерриг а къоман барт хиллачул тIаьхьа а", - даладо цуьнан дешнаш РИА Новости агенталло.

Хьалхо 2030-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь буй хьо аьлла, шега хаьттича Путин Владимира жоп делира, "100 шо кхаччалц кхузахь хиина Iан дагахь вац" ша аьлла.

2030-чу шарахь Путинан хир ду 77 шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG