ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Twitter-хь шен адрес хийцина Iамеркан Израилерчу векалалло


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Iамеркан Израилехь йолчу дипломатин миссино шен Twitter-хь долу адрес хийцина, Тел-Авивера Къудсе векалалла дехьайоккхуш хилар гойтуш. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан дипломаташа.

"Iамеркан векалаллан агIоан цIе хийцина @USEmbassyJerusalem" аьлла", - яздина цара.

Iамеркан президенто Трамп Доналда стохка, 2017-чу шарахь, ГIура-беттан 6-хь, леррина дIахьедар дира, Къудс (Иерусалим) Израилан коьрта гIала хилар даре дарх лаьцна. Цо омра дира гергарчу хенахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Тел-Авивера векалалла цига дехьаяккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG