Оьрсийчоьнан 4 эзар сов махкахо ву Шемахь "экстремистийн тобанашкахь" тоIм беш, хаам бина арахьарчу гIуллакхийн министралло. Цунах лаьцна яздо ТАСС агенталло.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Сыромолотов Олега бинчу хаамца, 3 эзар Оьрсийчуьрчу вахархочунна дуьхьал долийна ду бехктакхаман гIуллакхаш. 3 эзар 700 стаг лехаме велла Оьрсийчоьнан Iедало. Сыромолотовс чIагIдарехь, "экстремисташ Оьрсийчу цIа берза лууш бац, цIахь шайна "луьра а, бакъ долу а таIзар" дийр дуй хууш.