ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада стохка даьккхина 9 миллион 200 эзар сом. Цуьнан зудчо даьккхина 940 эзар сом. Иза гойтуш ю Даудовс йовзийтина шена 2017-чу шарахь хиллачу пайданах лаьцна деклараци, хаам бо Кавказ.Реалиино.

2016-чу шарахь Даудовна хилла пайда бара 6,5 миллион сом барамехь.

Хьалха санна долахь кхин хIусамаш яц цуьнан (цIа а, латтан дакъа а ханна лелош ду).

ТIаьхьарчу шарахь Даудовс эцна Mercedes-Benz AMG 63 машен. Цуьнан базарахь болу мах бу 7 миллион гергга сом.

XS
SM
MD
LG