ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австралерчу 104 шо долчу Iилманчо шен лаамехь дитина дуьне


Швейцари -- Австралера Iилманча 104 шо долу Гуделл Дэвид зорбанан конференци дIахьош ву шен лаамехь хIара дуьне дитале хьалха. Базел, Стиг. 9, 2018

Австралерчу 104 шо долчу биолого Гуделл Дэвида шен лаамехь дIадерзийна шен дахар Швейцарехь.

Иза велла лоруш ву Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь 12 сахьт ах сахьт даьлчхьана аьлла, дIакхайкхийна Exit International вовшахтохараллан директоро Нишке Филиппа.

Гуделл Швейцаре веанера эвтанази ян бакъонах пайда эца. Британехь винчу цу Iилманчо дийцара, шен лаамехь дуьне дитарх лаьцна ша ойла еш вара тIаьхьарчу ткъех шарахь, амма эвтаназех лаьцна ойла ян волавелла ша тIаьхьарчу цхьана шарахь, дегIо аьлларг деш ца хиларна, бохуш.

Гуделл латкъамаш беш вара, лаам ма хиллара меттахвалар ледара ду шен, лоьраш дукха дехкарш до, ткъа Австралерчу низамаша бакъо ца ло шен лаамехь дуьне дита бохуш. Цуьнца цхьаьна цхьана а кепара цамгаршца бала хьогуш вацара къано.

XS
SM
MD
LG