ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шела-Сити схьайиллина


Шела.
Шела.

Шелахь керла йина гIишлош а, керташ а, урамаш а хаздеш, кешнаш цIандеш иштта дуккха а кхин болийна хилла белхаш дIа а берзош болх бара дIабоьдуш пIераскана Iуьйранна дуьйна. Иза доьзна ду Шелан неIарш схьайоьллуш де хIотторца.

Шелара цхьацца хьукматашкара белхахой делккъалц болх беш бара оцу хиламна тIаьххьара кечамаш беш: зезагаш дуьйш, нехаш дIайохуш, кхин долу белхаш беш.

Стохка Iедало, доьзалш чуьра ара а бохуш, дIахьаькхира Шелан коьртачу урамера 100 гергга ков-керт. ГIала хазйо, урамаш шордо аьлла, бIешерашкахь лаьттина хIусамаш йохийнера кIоштан Iедалхоша.

Соьлж-ГIалана 35 километр гергахь Iуьллуш йолу Шела уггаре яккхийчерах кхоалгIа гIала ю Нохчийчохь.

Шела-Сити схьайоьллуш хиллачу церемонехь вистхуьлуш Кадыров Рамзана дIахьедар дира республикан Iедалш дагахь ду цуьнахь дукха хаза, кхузаманахьлера гIала хилийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG