ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шевченкона тIаьххье СПЧ-кхеташо йитина Познера


Тележурналист Познер Владимир.
Тележурналист Познер Владимир.

Оьрсийчуьра тележурналист Познер Владимир журналистана Шевченко Максимана тIаьххье дIаваьлла Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна (СПС) юкъара. Цунах лаьцна Познера хаам бина шен Инстаграмехь.

Тележурналисто дийцарехь, адамийн бакъонашкахула йолу кхеташо "шен лаамехь ца хиллар сов, цхьа а Iаткъам бан таро йоцу декорацин кепехь йолу" вовшахтохаралла ю.

Шевченко цу кхеташонан юкъараваларан бахьана дара цуьнан декъашхоша цхьана а кепара реакци йина ца хилар, кху беттан 5-чу дийнахь "Он нам не царь" митингийн декъашхой дIалецарна. Полицино 1600 стаг лаьцнера цу дийнахь, ницкъах пайда а оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG