ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггаре къена пенсионер ю Нохчийчуьра яхархо


Карарчу хенахь Оьрсийчохь вехачу уггаре хене ваьллачу пенсионеран ду 128 шо. Цунах льацна хаам бо Газета.ру интернетан гIирсо, Пенсин фондана тIе а тевжаш. Иза ю 1889-чу шарахь Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дуьненчу яьлла Нохчийчуьра яхархо.

РИА Новостино дийцарехь иза ю Ломаз-Юьртара Истамбулова Кхокха.

Фондо хаам барехь, Оьрсичохь пенси оьцуш ву 110 шаре ваьлла 37 вахархо. Царах дукхаха берш бехаш бу ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а.

100 шарал тIех бевлла дукхаха болу пенсионераш беха меттиг ю Москох кIошт а, Москох а, Петарбурх а, Башкортостан а.

XS
SM
MD
LG