ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин а, демонстрантийн а тасадаларш хилла Тбилисехь


Гуьржийчоь -- Парламентана хьалха дуьхьалонан акци, Тбилиси, 12Стиг2018
Гуьржийчоь -- Парламентана хьалха дуьхьалонан акци, Тбилиси, 12Стиг2018

Шоьтан буса полицин тобанаша рейдаш йина хилла буьйсанна болх бечу Тбилисерчу клубашкахь. Цунна реза боцу нах арабевллера дуьхьалонан акцешка.

Полисхой чулилхинарг яра "Бассиани" а, "Галерея" а цIе йолу Тбилиси гIалин юккъера ши клуб. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира, леррина операцеш цигахь дIаяхьар доьзна дара цу клубашкахь наркотикаш юхкуш хилар аьлла.

"Бассиани" а, "Галерея" а клубашкахь талламаш беш лаьцна 8 стаг. Царна бехке диллина наркотикаш яржор. Клубашкахь садоIуш хиллачу наха дуьхьало йина полисхошна.

Цул тIаьхьа эзар гергга стаг гулвеллера Руставели проспектехь йолчу парментана хьалха. Цигахь хилла полицица тасадаларш. Къепедацаршкахь полицина дуьхьало йина аьлла лаьцна кхин а 20 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG