Тбилисехь парламентана хьалха дуьхьалонан акцехь дакъалоцучу масийтта эзар стага емалдина полицино буьйсанна болх бечу клубашкахь лелийнарг. Наротикаш йохкарца къийсам латтош ду шаьш бохучу Iедашка хоьтту цара, хиллачуьнан бахьана дуьйцуш жоп ло шайна бохуш.
Леррина операци дIаяьхьира гуьржийн полисхоша шоьтан буса буьйсанна болх бечу Тбилисерчу шина клубехь.
Полисхой чулилхинарш яра Bassiani а, Gallery а цIе йолу Тбилиси гIалин юккъера ши клуб. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира, леррина операцеш цигахь дIаяхьар доьзна дара цу клубашкахь наркотикаш юхкуш хилар аьлла.
Bassiani а, Gallery а клубашкахь талламаш беш лаьцна 8 стаг. Царна бехке диллина наркотикаш яржор. Цигахь садоIуш хиллачу наха дуьхьало йина полисхошна.
Цул тIаьхьа эзар гергга стаг гулвеллера Руставели проспектехь йолчу парментана хьалха. Цигахь хилира полицица тасадаларш. Къепедацаршкахь полицина дуьхьало йина аьлла лаьцна кхин а 20 стаг.
Махкахь наркотикашца йоьзначу политикехь хийцамаш бан беза аьлла хетачу "КIайн гIовгIа" боламан жигархоша чIаIгдо, цхьана Bassiani клубехь лаьцнарг 60 стаг ву бохуш.
Тбилисерчу акцин декъахоша тIедожорца доьху премьер-министре Квирикашвили Георгига а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре Гахария Георгийга а даржера дIавалар а, ткъа иштта, адамашна ницкъ а беш, клубашкахь хиллачу операцешкахь дакъалаьцначу полисхошна таIзар дар а.