ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь, цхьа стаг а вуьш, нахана тIелатар динарг Нохчийчохь вина хилла


Франци -- Монсини урам, тIелатар дина меттиг. Стигал.12, 2018
Франци -- Монсини урам, тIелатар дина меттиг. Стигал.12, 2018

Шоьтан сарахь Паржехь гIалана юккъехь Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийнарг Нохчийчохь вина хилла 1997-чу шарахь. Цунах лаьцна хаам бина кIиранан дийнахь Рейтер агенталло, меттигерчу кхеларчу хьастана тIе а тевжаш (муьлхачу къомах ву хьахош дац).

Урс тоьхна стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг ве а, 4 лазо а.

Рейтер агенталло бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна Францин полицино. И шиъ ледеш ду. Рейтер ца дуьйцу зуламхо мьлхачу къомах ву. BFM TV телеканало хаам бо, иза оьрсийчоьнахо хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG