ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн йоI йийна зуламхо лоьхуш ю Венин полици


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Венерчу нохчийн доьзалера 7 шо кхаьчна йоI ерна бехке хила мега аьлла, цкъачунна лаьцна цхьа а стаг вац. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

Цо дийцарехь, социалан машанашкахь цхьацца видеош яьржина цу зуламана гонаха. Иштта, дийцарехь, меттигерчу вахархочунна пIераскана сарахь 9 сахь долуш, бохам хиллачу меттехь, нехаш дIакхуьссучу бакана уллехь 40 шо хир долу стаг гина, цхьа тамашийна лелар долуш.

Иза, гарехь, цигахь гена воцуш вехаш волчух тера ду. Цкъачунна и стаг мила ву а, зуламца уьйр йолуш ву-вац а хууш дац.

Венин полицино бина бац кхин керла хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG