ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан полигон дIаяккха лаам хиларна Пхеньянна баркалла аьлла Трампа


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Iамеркан президенто Трамп Доналда баркалла аьлла Къилбаседа Корейна, оьгӀазло къинхетаме ерзор Iалашонан гIулч яккха лууш хиларна. Хьалхо Пхеньянан векалша элира Трампан а, Ким Чен Ын-ан а цхьаьнакхетар хилале шайн зарратан полигон дIаяккха дохка шаьш аьлла.

"Баркалла, вуно хьекъале а, оьгӀазло къинхетаме ерзоран тамехь а ишар ю", - яздина Iамеркан президенто Твиттерехь Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь.

Къилбаседа Корейн пачхьалкхан хаамийн агенталло бинчу хаамца, Пхеньяно шен зарратан герз зеран майда дIайоккхуш вовшахбоккхур бу цигара гIирс. Цу хиламанан официалан церемони хир ю кху беттан 23-25-чу деношкахь, хенахIоттаме хьажжина.

Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь дIахьедар дира, Вашингтоно Къилбаседа Корейна экономикан гIо дийр хиларх лаьцна, нагахь цо зарратан герз дар дитахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG