ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Францина тIехь ду цу кIантах жоьпалла


Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьасана Парижехь динчу тIелатарх шена хетарг аьлла Кадыров Рамазана.

"Шен 14 шо кхаьчначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан паспорт даьккхина хилла цо. Тахана цуьнан карахь долу паспорт лелаш дац, хIунда аьлча, 20 шо дуьзча хийца дезаш и хилла дела. Цундела дIахьеда деза аьлла хета суна, Азимов Хьасан харцахьачу новкъа валарна жоьпалла Францин Iедалхошна тIехь ду. Дуьненчу валар Нохчийчохь хилар бен, кхиар, дуьнене болу хьежамаш францхойн юкъараллехь нисделла цуьнан", - аьлла, яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо иштта дийцина, Азимовн полисхошца а, Францин къайлахчу сервисашца а хиллачу контактех кхочучу информацех. Кадыровна хетарехь, оцу факто "цкъачунна жоьпаш доцу дуккха а хеттарш" кхолладо.

"Малхбузерчу пачхьалкхашна шайн демократи доза доцчу лакхене гIоьртина аьлла хета. Дайн-нанойн карахь ца дуьту бераш кхиор, уьш човхор. Берийн кханенах жоьпалла шайна тIе ма лоцу цара, цундела жоп далар а царна тIехь ду", - аьлла хета Кадыровна.

Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага.

Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг ве а, 4 лазо а.

Рейтер агенталло бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна Францин полицино. И шиъ ледеш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG