Парижан урамашкарчу нахана зуламхочо урсаца тIелатар дарца доьзна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалша Францина муьлхха а гIо латто шаьш кийча ду аьлла. КIирандийнахь КIайчу цIийнан пресс-секретара Сандерс Сарас даржийна цу кепара дIахьедар.
"Терроризман ямарт акт" емал а деш: "Тхо францхошца а, пачхьалкхан Iедалца а солидараллехь ду, тхо кийча ду муьлхха а кепара гIо кхачо", - аьлла, билгалдаьккхина Сандерса.
"Iамерко урхалла дечу дуьненаюкъарчу коалицин "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобанна тIехь толам баккха лаам чIагIбо цу кепарчу хиламаша", - аьлла пресс-секретара.
Шоьтан сарахь Парижерчу Монсиньи урамехь урс даьккхина, "АллахIу Акбар" бохуш, мохь а бетташ, цхьаъ вийна, веанна чевнаш йина, Парижерачу полицин префектуро бинчу хаамашца.
Нохчийчуьра орамаш долу Азимов Хьасан хилла и жима стаг.