ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь тIелатар динчо даIишхошна байIат деш видео яржийна


Парижехь тIелатар динчо байIат деш видео Iораяьккхина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Церан версица, Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимовс шена тIелатар даран бахьана Францино а, цуьнан агIончаша а Шемахь бомбанаш еттар ду аьлла. Маршо Радио ма яздарра, Парижехь уьрсаца динчу тIелатарехь оцу жимчу стага цхьаъ вийна, веанна чевнаш йина. Полисхоша дуьхьал герзаш тоьхна вийнарг Нохчийчуьра орамаш долу Азимов Хьамзат хилла.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин хаамийн агенталло цо байIат деш видео яьккхина шайн агIон тIехь аьлла, хаамбина коммерцица йозуш йоцчу, Интернетехь тобанхойн жигараллана тIехь терго латточу SITE Intelligence Group организацино.

Видео тIехь юьхь лачкъийначу, бIаьргаш бен цагучу стага чIагIдо, ша Азимов Хьамзат хилар. Францхойн маттахь къамел а деш, цо "Исламан пачхьалкх" тобанна дуй буу, яздо "Iамеркан аз" хьостано. Францино шен агIончашца бомабанаш еттарна ду шен тIелатар аьлла кIанта.

Оршотдийнахь "Коммерсант" газетано шайн хьосташна тIе а тевжаш, яздо байначу беттан юьххьехь Азимов Парижерчу полицино тIекхайкхина хиллера аьлла. "Шема дIа а яхана, даIишхойх дIакхеттачу цхьана зудчуьнца телефонехула цо дина къамелаш бахьана долуш Францин полицино шайн тергоне эцнера иза", - хаамбо хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG