ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь билгалдаккхаза ду марха лоцу де


Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа кхайкхамбина махкахошка марха лоцучу буьйсанах шайг-шайгара хабарш ма даржадахьара, билггал маца лоцу хьалхара марха къаьстар ду шинарин буса аьлла. "Билггал муьлхачу дийнахь лоцур ду марха дIахоуьйтуш, мехкан муфтиятан информацин официалан гIирсаша хааме дуьллур ду" аьлла.

Оцу юкъанна Оьрсийчохь бехачу бусулбачийн Кхеташоно хIинцале а билгалдаьккхина Рамадан бутт болало терахь.

"Рузмаца а догIуш, 2018-чу шарахь Рамадан бутт болало 15-чохь малх къайлабаларца. ПхоьалгIа, пхьуьра ламаз динчул тIаьхьа оццу дийнахь дIахьур ду терхьа. Хьалхара марха хила деза 16-чохь, тIаьххьара марха кхобур ду Мангал-беттан 14 чу дийнахь", - яздо хаамехь.

XS
SM
MD
LG