ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзар гергга мина яьккхина Нохчийчоьнан лаьтта бухара


Къилбаседа-Кавказан тIеман декъан сапераша байначу баттахь дуьйнна буьйлабелла карара бутт юккъебаллалц схьа 430 гектар латтанаш дIацIандина Нохчийчуьрчу лаьмнашкарчу кIошташкахь хаамбо "Это Кавказ" хьостано. Республикан ворхI лаьмнашкарчу кIоштахь бина цара талламаш. Цхьана баттахь а эха баттахь а эзар сов мина яьккхина сапераша лаьтта бухара.

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а лаьмнашкара а, хьаннашкара а латтанаш толлуш, дIацIандеш кху шарахь юкъаозийна 400 инженерийн декъара эскархой а, 40 тIеман а, лерина а техника а.

Цул совнаха, лерина Iамийначу жIаьлешца белхаш дIахьо минаш лоьхучу хьукматийн говзанчаша. Карарчу шарахь цара тIелаьцна лоьлхуьйтучарех дIацIанъян цхьа эзар ах эзар гергга Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а территореш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG