ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азимовн Нохчийчуьрчу гергарчаьрга барт хоьттуш бу полисхой


Парижехь урс даьккхина, нахана тIелатар динчу Азимов Хьамзатан гергарнаш а, иза вевзарш а луьттуш бу Нохчийчуьрчу полисхоша. Болчу хаамашца, 14 шо дуьзна Оьрсийчоьнан паспорт оьцучу хенахь а Францин вахархо хилла Азимов, яздо "Интерфаксо".

Нахаца уьйраш йоцуш, даим а компьютер тIехь ловзуш хуьлура иза, дийцина иза вевзачара. 2002-чу шарахь АзимовгIеран доьзал Франци дIабаханера. Иштта билгалдаьлла, Хьамзат медицинан колледжехь доьшуш хиллийла а.

Маршо Радионо яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана зуламан некъа тIе Азимов валарна бехке Францин Iедалхой бу аьлла, динчу дIахьедарх.

Азимов ваьхначу хIусамах хьаьжча полицина ца карийна тIелатар кечдина хиларан а, радикалан хьежамашца воьзна иза хиларан а тоьшаллаш а.

Шоьтадийнахь уьрсаца нахана тIелатар динера Парижехь цхьана жимачу стага. Цхьаъ вийна цо, веанна чевнаш йина.

Францин Iедалша бинчу хаамца, Нохчийчуьра орамаш долу 20 шо долу Парижан вахархо Азимов Хьамзат ву иза. Дуьхьал герз тоьхна вийна талорхо полисхоша. "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацино шена тIелаьцна теракт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG