ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь президентан харжамаш дIабаьхьначарна санкцеш тоьхна Евроберто


Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь президентан харжамаш вовшахтохарна бехкехетачу пхеа стагна дуьхьал санкцеш яьхна Евроберто. Европан кхеташонан сайт тIехь билгалъяьхна санкцеш тоьхначийн цIераш. ГIирмера а, Севастополера а харжамийн комиссийн куьйгалхой бахна цу юкъа. Украина пачхьалкхан цхьаала йохорна аьлла, санкцеш тоьхна 155 стагна а, 40 компанийна а. Фейсбукехь Украинан президенто Порошенко Петра билгалдаьккхина, шен Францин президентца а, Германин канцлерца а цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа тоьхна дозанаш кхи а тIе шордина хиларх.

Хьалхо Украинан прокуратурано гIуллакх айдинера ГIирмехь кхаьжнаш тийсар вовшахтоьхначарна. Уьш бехкебо пачхьалкхан цхьааллана юкъагIортарна а, пачхьалкхна ямарт хиларна а.

2014-чу шарахь ахгIайре оьрсийн эскарша дIа а лаьцна, Украинан низамаш тергал ца деш референдум дIаяьхьначул тIаьхьа аннекци йира Оьрсийчоьно ГIирмана

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG