ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь лецнарш Оьрсийчу дIабахийта кечбеш бу


Мисарарчу ницкъаллийн структураша лецна Дагестанера бахархой гергарчу хенахь Оьрсийчу дIахьовсор бу. "Керланаш" агенталле бина и хаам Мисарарчу Оьрсийчоьнан консуло Абакаров Юсупа.

"24 стаг ву и верриг а. Царех 18 вахархочун хьокъехь сацам бина баьлла уьш даймахка дIабохуьйтуш. Новкъа баха кечбеш бу уьш, цхьаболучера кема маца ду а билгалдаьлла. Кхин а 6 стаг а, диъ бер а кхеле ладоьгIуш Iа ", - хаамбина консуло.

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь лецначийн гергарчара бакъонашларъяран "Мемориал" центре дийцинера, Дагестанера орамаш долу 18 стаг вайна аьлла.

Цара дийцарехь, байначу баттахь церан гергарчех цхьа зуда Байсултанова Сакинат герзаца болчу наха дIайигинера. Цул хьалха цара хеттарш динера цуьнга цуьнан хиллачу цIийндех лаьцна, Шемарчу тIамехь волчу Алигаджиев Ахьмадах. ТIаьххьара а Байсултанова Сакинатан хIусаме а баьхкина иза а, цуьнан гергара нах а дIабигинера берашца.

Гергарчара меттигерчу полицига а, Оьрсийчуьрчу Каиран векалте а, бакъонашларъярхойн организацешка а хаамбинера, яздора "Мемориало".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG