ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Диктаторан хьехарш" ца оьшу шайна аьлла, жоп делла Кадыровна Францино


Францин арахьарчу гIуллакхийн министраллан хьаькамо Ле Дриан Жан-Ива жоп делла Кадыров Рамзана Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьамзата Парижехь уьрсаца нахана динчу тIелатаран хьокъехь дIахьедарна.

"Шен регионехь адамийн бакъонаш хьоьшуш волчу диктаторан хьехарш тхуна оьшуш дац. Цул совнах, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь эзарнашкахь нохчий буйла хууш волчун", - аьлла Ле Дриана Лондонерчу AFP-н агенталлан корреспонденте, Великобританин арахьарчу гIуллакхийн министрца Джонсон Борисца цхьанакхетар дирзича. Кадыровс динарг."лан йиш йоцуш дIахьедар ду" аьлла францхойн министро.

Карладоккху, Кадыровс Францин Iедална бехкаш дехкинера 21 шо долу Азимов "кхетош-кхиорна".

"Шен 14 шо кхаьчначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан паспорт даьккхина хилла цо. Тахана цуьнан карахь долу паспорт лелаш дац, хIунда аьлча, 20 шо дуьзча хийца дезаш и хилла дела. Цундела дIахьеда деза аьлла хета суна, Азимов Хьасан харцахьачу новкъа валарна жоьпалла Францин Iедалхошна тIехь ду. Дуьненчу валар Нохчийчохь хилар бен, кхиар, дуьнене болу хьежамаш францхойн юкъаралло белла цунна", - аьлла, яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага.

Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг ве а, 4 лазо а.

XS
SM
MD
LG