ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу адамийн бакъонашца долу хьал теллина дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша


Дуьненан футболан чемпионат йолалучу хенахь Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Human Rights Watch (HRW) организацино Оьрсийчохь адамийн бакъонашца долу хьал телхина догIуш хиларх рапорт арахецна.

Къаьсттина стадионаш ечу гIишлошъярхойн бакъонаш йохийна хиларна тIе тидам бохуьйту бакъонашларъярхоша. Human Rights Watch (HRW) хаамашца, белхалошна алапаш хьедо, церан белхан хьелаш кхерамзалла Iалашъеш нисдина а дац. Кху шеран зерашца, байначу баттахь дуьненан чемпионатна кечамаш бечу гIишлошъяран майданахь 21 белхало велла.

Цул совнах, бакъонашларъярхоша билгалдаккхарца, маьрша гуламаш дIабахьар а дихкина ду Оьрсийчохь. Доккхачу декъанна бакъонашларъярхоша тидаме эцнарг ду, оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаш лецар, цо вовшахъеттачу дуьхьалонан акцешкахь.

Немцойн телекомпанин журналистна Зеппельт Хайона дуьненан чемпионате ваха оьрсийн виза цаялар а тIеэца йиш йоцург ду аьлла Human Rights Watch-ан Европехула а, Юккъерчу Азехула а волчу директоро Уильямс Хьюс.

Иштта документ тIехь дуьйцу Нохчийчуьрчу хьолах а. Дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна меттигерчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб лаьцна вуьссучу Соьлжа-гIалахь куп тухуш ю Мисарара футболан тоба, яздо рапортан авторша.

Human Rights Watch организацино кхойкху Дуьненаюкъарчу футболан федерацига Оьрсийчохь адамийн бакъонашца лаьттачу хьолана тIеIаткъам баре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG