ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш цалехар доьху Нохчийчуьра девддачу зудабераша


Зазадоккхучу - баттахь Нохчийчуьра еддачу кхаа йоIа чIагIдо, шаьш шайн лаамехь арадевлла хилар махкара. "Кавказ.Реалии" порталан каракхаьчна нотариус теш а хIоттийна, мехкарша яздинчу кехатийн бух.

Шайн лаамехь дIадахана шаьш, леха ца оьшу яздо мехкарша
Шайн лаамехь дIадахана шаьш, леха ца оьшу яздо мехкарша

Хьалхо зудаберийн гергарчара чIагIонаш йора, цхьана Iамеркан бакъонашларъяран организацин гIоьнца дIабахна шайн йоьIарий бохуш. Полицига хаам бира дайша-наноша, цул тIаьхьа федералан лехамашка а белира байнарш.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденте бакъонашларъярхоша дийцарехь, и зудабераш цIера довдаран бахьана – церан сина кхерам хиларца доьзна ду. Нохчийчуьрчу Талламан комитета дIахьедар яздина кхаа йоIа, "Iай дуьйнна шайн гергарчаьрца конфликташкахь дара шаьш, цундела Нохчийчоь дIатесна шаьш" аьлла. Шайн лаамехь зIе дIатесна шаьш шайн гергарчу нахаца а боху мехкарша. Шайна ца лаьа, яздина цара, шайн цIийнах болучарна шаьш стенгахь ду хаьийла а, иштта доьху цара федералан лехамашкара шаьш дIадахар а.

Хьалхо "Кавказ.Реалии" портало бинчу хаамашца, Зазадоккхучу - беттан 1-чу дийнахь цIера араяьлла и кхо йоI.

Болчу хаамашца, яда лерина 4 йоI хилла, цхьаннан аьтто ца баьлла йиллинчу хенахь араяла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG