ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь йоI ерна бехкево 16 шо долу кхиазхо


Нохчийн йоI ерна шеконашкахь латтош ву 16 шо долу лулара кIант Роберт, хаамбина журналисташка Венерчу полицин векало Хаймедер Герхарда. Талламчийн зерашца, йоIана вевзаш хилла ша йийнарг, шина доьзалан лелош доттагIаллин юкъаметтигаш а хилла, цундела шайга морожни яа йола аьлча, дуьхьало а ца еш, церан хIусаме яхана хилла Хадижат. Луьйчуш волчу чохь урс хьаьхкна кIанта цунна. Бехкевечо мукIарло дина. Иштта цо дIахьедина, иза ен шен цхьана а кепара бахьана ца хиларх а.

"Цхьа кIира зама яра ша оьгIазе лела, хьенан коча гIур вара ца хууш", - элира шега аьлла, дийцина Хаймедера. Полисхойн векало Робертан да-нана а, я цуьнан жимахволу ваша а гунахь бац аьлла динчу зуламна. Оцу заманчохь уьш цIахь ца хиллера.

Яхначу буса, шайн кIант лаца полисхой баьхкича бен хиина дац царна, хьенан карах ялар хилла йоьIан. Доьзалан кхерамзалла ларъярхьама полицино къайлабаьккхина Робертан доьзал аьлла, билгалдаьккхина Хаймедера.

Маршо Радионо хаам ма барра, ворхI шо долу Хадижат яйнера Венехь дахначу пIераскандийнахь. Шоьтадийнахь логах хьаькхна урс а долуш, йийна карийра иза нехаш кхуьйсучу яьшки чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG