ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин министрна жоп делла нохчийн министро


Шоьтадийнахь Парижехь нахана уьрсаца тIелеттера жимстаг. Цхьаъ вийра, веанна чевнаш йинера. Полисхоша герз тоьхна вийра зуламхо. Нохчийчуьра схьаваьлла 20 шо долу Азимов Хьамзат хиллера иза, 2010-чу шарахь дуьйнна Францин вахархо волу. Шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздира, тIелатар динчух жоьпалла Францина тIехь ду, иза церан пачхьалкхехь хаьлакхиина хиларна аьлла.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министраллан хьаькамо Ле Дриан Жан-Ива жоп деллера Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна: "Шен регионехь адамийн бакъонаш хьоьшуш волчу диктаторан хьехарш тхуна оьшуш дац. Цул совнах, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь эзарнашкахь нохчий буйла хууш волчун", - аьлла. Кадыровн дIахьедар "лан йиш йоцург ду" аьлла, тIе а тухуш.

Кадыровна тIе а хIуттуш Францин министрна жоп дитина Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата.

"Шена "диктаторан хьехарш" ца оьшу боху цо. Диктаторх дерг ала ца хаьа сцуна, амма суна хетарехь, хьехарш оьшу цунна, шен хенахь шел хьалха цкъа мацах хиллачу Талейрана санна", - аьлла нохчийн министро.

Умаровс дагаваийтина Францехь диктатор лоруш хилла Наполеон. "Диктатор лоруш хиллачу Наполеонах тахана къоман турпалхо вина аш. Цо хаьттина хиллера Талейране, дипломатна а, зудчунна а юкъахь хIун башхалла ю хаьий хьуна, аьлла. Важа воьхна, жоп доцуш Iийнера. Зудчун "хIан-хIа" алар, "хила а мега" бохург санна кхето деза хьуна. Нагахь зудчо "хIаъ" алахь, и зуда яц хьуна.

Дипломато "хIаъ" алар, "хила а тарло" бохург ду хьуна. Нагахь "хила тарло" бахахь цо, "хIан-хIа" бохург ду хьуна цуьнан и.

"ХIан-хIа" бохуш волу дипломат, хаалахь, и дипломат вац хьуна", - аьлла Умаров Джамбулата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG