ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тоба лаьцна Францехь


Стохка Барселонехь а, Камбрильсехь а дина теракташ толлучу юкъанна полицино Францехь лаьцна 6 Нохчийчоьнан вахархо, хаамбо France Info-с шайн полицерчу хьостанна тIе а тевжина. Цо бахарехь, Лахарчу Рейнан, Жирондан, Лакхарчу Гароннан департаменташкахь хилла лецарш. Дахначу шоьтадийнахь Парижехь Азимов Хьамзата динчу тIелатарца боьзна бац хIара талламаш аьлла, билгалдаьккхина полицин векало.

Стохка аьхка Барселонерчу Лас-Рамблесан адамаш дIасалелачу ураме йоккха машен хахкаран бахьанашца вийра 13 стаг, 100 чевнаш йира. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша шайна тIелецира дина зулам.

ТIаьхьо, оццу сарахь Камбрильсехь иштта некъахой дIасалелачу тротуара тIе а хаьхкира йоккха фургон. Цхьа стаг вийра, пхеанна кеп-кепара чевнаш хилира. Машен чохь мел хилларг хIаллаквира полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG