ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь тоьках декхарш гулдеш бу


"Чеченэнерго" компанин белхахоша рейдаш дIаяьхьна оршотдийнахь тоьках ахча схьагулдеш. Талламаш бечара декхар охьа ца диллахь, шаьш чуьра бахам схьабоккхур бу бохуш, кхерамаш тийсина. Маршо Радионо яздира, бюджетан белхахошка шайна тIехь коммуналан декхар цахиларан тоьшаллаш-кехаташ дан дезар тIедиллина куьйгалхоша аьлла. Тоьшалла ца деанчуьна алапа сацор ду я балхара дIавоккхур ву бохуш, тIедожийнера, белхахоша дийцарехь.

"Рейдаш дIаяьхьначу цхьана дийнахь 300 эзар сом декхарш гулдина оха. 80 эзар гергга тоьках ахча тIехьарчийначу шинан хIусамера серло дIахадийна шаьш цара декхар схьадаллалц. Кхи дIа а ахча схьагулдеш, белхаш дIахьур бу оха", - аьлла, дийцина "Чеченэнерго" компанин векало "Кавказан узел" агенталле.

Цо дийцарехь, Соьлжа-гIалахь хIинца а тоьках гулдан дезарг 25 миллион сом сов ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG