ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Utair авиакомпанино мархийн баттахь хьалялан юург дIасайоькъур ю пассажирашна


Мархийн Рамадан баттахь шайн кеманаш тIехь дIасалелачу пассажирашна хьалялан даарш хилийта Iалашо ю Utair авиакомпанин. Некъан билеташ оьцучу хенахь бахархойн таро хир ю utair.ru сайт тIехь шайна езза юург еха. Iуьйранна семга чIераца кечдина бепиг, ливанхойн хумус, зефир хир ю. Делкъанна аравийцаша санна кечдина котаман жижиг, хумус, зефир, бежана жижигах йина кебаб, бепиг хир ду.

"Нагахь юучуьнца диета ларъешверг нислахь, цунна лерина хьалялан хилла ца Iаш, вегетарианийн даарш а, берашна кечйина юург а цхьана хир ю. Юург кечъяр шеф-поваран куьйгаллийца хир ду", - аьлла Utair авиакомпанин маркетинган вице-президента Щербинина Алинас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG