ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургерчу полисхоша нохчашлахь рейдаш йолийна, дIабигина дуккха а нах


ШолгIа де а ду Страсбургехь нохчий бехачу каппашкахула полицино рейдаш дIахьо. Оршотан буьйса юккъе яьллачул тIаьхьа чулилхинчу полисхоша дIавигина масех нохчо. Бу царлахь бераш долу зударий а. Доьзалш лулахошкахь а буьтуш йигина цхьана хIусамера нана а, йоI а. ДIавигина деа беран да, хIусамнана кегий бераш хиларна йитина, амма карара телефон дIаяьхьна полисхоша. Кхааридийнахь делкъал тIаьхьа тIекхайкхина ю иза, хеттарш дан.

ХIора а хIусамах хьуьйсуш, компьютерш кегош, лехамаш дIабаьхьна баьхкинчара. Маршо Радионе дIабигинчийн гергарчара бахарехь, шаьш стенна буьгуш бу а, я хIун лоьху хаьттича а, жоьпаш ца делла полицино, 96 сахьтанна дIалецна совцор бу шаьш алар доцург. Страсбургерчу полицигара оцу хьокъехь комментари еха аьтто ца хилира Маршо Радион.

ДIалецначийн цIерачарна хетарехь, яхначу шоьтан сарахь Парижехь Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьамзата уьрсаца нахана дина тIелатар бахьана долуш йолийна хила а тарло полисхойн рейдаш.

Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага. Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо аьлла, хаамбира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг вен а, 4 лазо а. Иза вийначул тIаьхьа къаьстира Нохчийчохь вина, Францин вахархо Азимов Хьамзат иза хиллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG