Кху деношкахь Тель-Авивера Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалалла дехьаяьккхина Иерусалиме. Оцу бахьанашца Газан секторехь вовшахтийсадаларш хилла, иттанашкахь палестинхой белла. "ООН коьртехь лаьттачу дуьненаюкъарчу организацешна а, доллу дуьненна а дуьхьал эхь ца хеташ шеташ тохар ду и" аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата ситуацех дуьйцуш.
"Iамеркан президент ву и стаг- Трамп Дональд. Цхьана Iалашонашца шен пачхьалкхан векалалла Иерусалиме дехьаяккхар тIедожош, омра до цо. Доллу адамаллана а, цуьнан коьртехь ООН лаьттачу дуьненаюкъарчу организацешна а эхьдоцуш юьхь тIе шеташ тохар ду и. Цуьнан дог ца лозу иудейх а, керстанех а, бусулбанех муххале а… И дерриге а шена могуьйтур ду моьтту цунна. Шуна ма гарра, хичаш а еш, дуьйцу цо цунах, Техасера шен долара ранчо Нью-Йоркна гена боцчу шен даймахка дIахьош санна", - аьлла Умаровс.
Иштта атта Хиросимана а, Нагасакина а тIе атоман ши бомба йожийра цул хьалха хиллачу, хьераваьллачу Трумена а, дийцина нохчийн министро.
"Трумен, тIеман хьелаш дара я кхин а тIех сов наха ца балийта дира ша аьлла, кIелхьаравер вара, ткъа хIун бахьана хир ду Трампан, дуккха а бIешерашна миллиардашкахь бусулбачарна буха Iожалле бомба йиллина волу?!", - боху шен дIахьедарехь Умаров Джамбулата.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?