ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яйна оьрсийн ши йоI лаьцна Дагестанехь


Череповец гIаларчу полицига яйначу 15 а, 16 а шераш долчу шина йоьIан дайша-наноша хаамбина, и шиъ цIа ца еана аьлла. Талламчаш тIекхиина, и ши йоI Къилбаседа Кавказерчу цхьана республике яхна хир ю аьлла. Масех де даьллачул тIаьхьа Дагестанерчу полисхоша Череповец гIаларчу шайн коллегашка дIахаийтина, цара лоьхучех тера ши зудабер лаьцна шаьш аьлла.

Шина йоIа дийцина, интернетехула кегийчу нахаца уьйр теснера шаьшиммо, тIаккха маре яха дагахь дIаяхара шаьшиъ, аьлла. Мехкарий могуш карийна, карарчу хенахь и шиъ шайн дайх-нанойх дIатоха некъаш ду лоьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG