ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракташна кечамаш беш хилла аьлла набахте вахийтина ГIалгIайчуьра вахархо


Москох цхьа могIа теракташ кечдина хилла аьлла, кхело бехкевина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан виъ декъашхо, царлахь ву Цечоев Тамерлан а. Тобанхой лецнера стохка Iай. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн зерашца, "резонансе терроран акцеш дан Iалашо хилла церан шаьш куьйга йинчу лоьлхуьйтуршца". "Туркойчохь волчу даIишхойн эмиссаран куьйгаллица кечдеш хилла тIелатарш", -аьлла ФСБ-н векало.

Теракташ кечдарна а, герз дохкарна а, бакъо йоцуш шайн куьйга лоьлхуьйтурш ярна а аьлла, бехкебинчу Наимов Хисматуллана а, Цечоев Тамерланна а набахтехь яккха 16 шераш хенаш кхачийна, Хайдаров Аброна 15 шо, Федорович Викторна 18 шо яздо "Интерфакс" агенталло.

Кхелан сацамна ша реза воцийла дIахаийтина Цечоевн адвоката Чередниченко Андрейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG