ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалшца йоьзна йоцчу 14 гIараевллачу организацийн векалша ФИФА-н президенте Инфантино Джаннига кхайкхамбина, Оьрсийчоьнан Iедалшца Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярх дийцарш дIахьо аьлла. Иштта доьху цара Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккхарехь гIо лацар а.

Human Rights Watch-о а, къизаллашна дуьхьало латточу Комитето а, Amnesty International-о а, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано а, кхечара а куьйгаш яздина кехат "Мемориалан" сайте зорбане даьккхина.

Ларамза дац ФИФА-н цIарах кехат яздар – Оьрсийчохь дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна, цо магийна ду Мисарарчу тобанна Соьлжа-ГIалахь куп тоха.

XS
SM
MD
LG