ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко керла санкцеш кечъеш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал


Трамп Дональд
Трамп Дональд

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечъяр тIедиллина, генара а, гергара а йоьлху ракеташ (ДРСМД) хIаллакъян бина барт цо бохорна.

КIайчу цIийнан сайтехь зорбане баьккхина и хаам. И барт ца ларбинчунна тоха таро ю Iамерко шен санкцеш. Оцу нехан Iамеркера активаш сацош, шайн пачхьалкхе бахкар а доьхкуш, кхи дIа а "президентан лааме хьаьжжина" дозанаш тухур долуш ду бехкечарна.

1987-чу шарахь Советан пачхьалкхо а, Iамерко а куьйгяздира, генара а, гергара а йоьлху ракеташ юкъара дIайохуш. Оцу кехато дихкинера баллистикан а, тIемаш долу а ракеташ ян а, уьш зен а, цу заманчохь долахь хилларш шина а агIоно хIаллак а еш. Москохо а, Вашингтоно а вовшашна бехкаш дохку барт бохорехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG