ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ханты-Мансийскера бусулбачара арздина Росгвардина


"Коммерсанто" яздарца, Ханты-Мансийскехь бехачу бусулбачара юкъахь кехат-арз яздина прокуратуре, Росгвардин эскархоша бехк боцуш етташ, тIехь ницкъбеш, мажош хедош, царех цIераш туьйсуш, Iазап латтадо шайгахь аьлла.

Болчу хаамашца, карарчу беттан-4-чохь хилла и инцидент. ОМОН-о масех кафешкахула рейдаш а йина, иттанашкахь дIалецира бусулба нах. Лецначара даредарца, йиттина ца Iаш, аьнаш бина уьш, масала, цхьана кафе чохь жима стаг лаьтта охьа а вижина, нека деш санна сурт хIоттадайтина цуьнга.

Оьрсийчоьнан меттигера Талламан комитето толлуш ду чуделла аьрзнаш. Шайгахьара Росгвардино дIахьедо, низамашца а догIуш, шаьш оперативан барамаш дIахьош дара, бахархоша шайга де аьлларг кхочуш ца дора аьлла.

Иштта цара билгалдаьккхина, исламан дин лелочарлахь радикалаш бу, цара кхерам бохьу гонахчарна, цундела шаьш сема хила деза аьлла, яздо "Коммерсанто".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG